• ClipSaver
ClipSaver
Русские видео
  • Смешные видео
  • Приколы
  • Обзоры
  • Новости
  • Тесты
  • Спорт
  • Любовь
  • Музыка
  • Разное
Сейчас в тренде
  • Фейгин лайф
  • Три кота
  • Самвел адамян
  • А4 ютуб
  • скачать бит
  • гитара с нуля
Иностранные видео
  • Funny Babies
  • Funny Sports
  • Funny Animals
  • Funny Pranks
  • Funny Magic
  • Funny Vines
  • Funny Virals
  • Funny K-Pop

Хабаев Исмаил | ИРС скачать в хорошем качестве

Хабаев Исмаил | ИРС 7 лет назад

скачать видео

скачать mp3

скачать mp4

поделиться

телефон с камерой

телефон с видео

бесплатно

загрузить,

Не удается загрузить Youtube-плеер. Проверьте блокировку Youtube в вашей сети.
Повторяем попытку...
Хабаев Исмаил | ИРС
  • Поделиться ВК
  • Поделиться в ОК
  •  
  •  


Скачать видео с ютуб по ссылке или смотреть без блокировок на сайте: Хабаев Исмаил | ИРС в качестве 4k

У нас вы можете посмотреть бесплатно Хабаев Исмаил | ИРС или скачать в максимальном доступном качестве, видео которое было загружено на ютуб. Для загрузки выберите вариант из формы ниже:

  • Информация по загрузке:

Скачать mp3 с ютуба отдельным файлом. Бесплатный рингтон Хабаев Исмаил | ИРС в формате MP3:


Если кнопки скачивания не загрузились НАЖМИТЕ ЗДЕСЬ или обновите страницу
Если возникают проблемы со скачиванием видео, пожалуйста напишите в поддержку по адресу внизу страницы.
Спасибо за использование сервиса ClipSaver.ru



Хабаев Исмаил | ИРС

ИРС Ма дукха хIума ца оьшур-кх адмана ирсе хила. Ма дукха адамаш дIадоьлху-кх ирс а долуш, шайгахь дерг ирс ца хеташ, оцу ирсе сатуьйсуш. И ирс гушшехь цагар, карондолччехь и цалахар, ирс ирс цахетар ю-кх адмийн дакъазалла. Адмана шен доцург хета даим ирс. Юха, шегахь хила а хилла дIадаьлларг, шех дIа а къаьстина, дайнарг ирс хета долало адам, ирс и хиллийла а хууш. Къеверг - цхьана хIумане хьашт верг ву. Шен долчух тоам бешверг - къен вац. ХIунда аьлча, и хьашт вац. Цунна шен ду аьлла хета. Цуьнан дог токх ду. Цуьнан сица тем бу. И ву ирс долуш. Долчух тоам а ца беш, кхин а дезашверг ву хьашт. Цунна шен дац аьлла хета. Цуьнан дог токх ца хуьлу. Цуьнан сица тем ца хуьлу. И ву къен. Цунна цкъа а карор дац ирс, я карийча хаа а лур дац. ЦаIабарх, долчух тоам ца барх олу и сутаралла. Иштта шен сутараллица Iехаво-кх дуьнено, хьекъал кхола а дой, доцург ду а моттуьйтуш, дерг дац а моттуьйтуш. Бакъ ду и, адамана хIума хьекъалца го. Цунна тоьшалла ду - бIаьрса дайнарг гIенах сагуш хилар. Самонна чохь волчу бIаьрса дайначул бIарзе ву самонна чохь воцу сагушверг. Дуьненал яккхий а ю адамийн дуьненах йолу ойланаш. Аьлча а, дуьнено, Iеха а веш, шех кхуллуш йолу ойланаш. Кху харц дуьненахь шен юьхьсибат дита а ца лаьа шена, аьлла, кхин шен сурт ца доккхуьйтуш, бакъдуьненчу вирзина волчу Артхана билла цхьа а бехк болуш дуьне хIара доций хууш ву со, ша Делах ца теша бохушверг, шега вуон деъча, Деле кхойкхуш сайна хезначу дийнахь дуьйна. Цундела, айса къуьйсучарна къийса дитина долчу кху дуьненах суна кхачаме хилла-кх Дала, синош кхолла а кхоьллина, со вац ткъа шун Дела? аьлла, цаьрга хаттар а дина, Бакъду-кх и, Хьо ву-кх тхан Дела, аьлла цара жоп а делла, юха шаьш дуьненчу даьхча, Дала шайгара эцна йолчу оцу чIагIонах ца доьхначу синойх сайн са хилар. Суна кхачаме хилла-кх Дуьненан кийрахь Дала чу са мел кхоьллина долу хIума сайн куьйган зуламах маьрша хилар. Суна кхачаме хилла-кх дикане догдаха а, диканах дог ца дилла а йолу сан бакъо цхьангге а хьашлург ца хилар. Суна кхачаме хилла-кх нехан маршо лоьруш йолу сайн маршо. Суна кхачаме хилла-кх нохчийн ломахь кхиъна болчу къеначу акхачу кхуран IиндагIехь карош йолу синпаргIато а, нохчийн Iаламо ас шена тIедоьгIна хьажар шен исбаьхьаллин куьйгашца къевллина шен марахьарчор а. Суна кхачаме хилла-кх корта айббина бийца сайн мохк хилар а, цуьнан цIе Нохчийчоь хилар а. -Машен яц хьан, хьенех? -Яц сан машен. Амма кху дуьненчохь мел йолу машен сайна схьаелча а, ас лур боцу ши ког-м бу сан. Цул дезаниг а ду - цунна Далла хастамбар. Бакъдолуш, ма дукха хIума ца оьшу-кх адмана ирсе хила, и ирс ган бIаьргашший, Далла хастам беш, оцу ирсах воккхавеван, кийрахь сема доггий хилчхьана. Ма дукха адамаш дIадоьлху-кх, ирс а долуш, ирсе са а туьйсуш. © Хабаев Исмаил

Comments

Контактный email для правообладателей: [email protected] © 2017 - 2025

Отказ от ответственности - Disclaimer Правообладателям - DMCA Условия использования сайта - TOS



Карта сайта 1 Карта сайта 2 Карта сайта 3 Карта сайта 4 Карта сайта 5