У нас вы можете посмотреть бесплатно ГIурбан де даздар (АДК Страсбург) или скачать в максимальном доступном качестве, видео которое было загружено на ютуб. Для загрузки выберите вариант из формы ниже:
Если кнопки скачивания не
загрузились
НАЖМИТЕ ЗДЕСЬ или обновите страницу
Если возникают проблемы со скачиванием видео, пожалуйста напишите в поддержку по адресу внизу
страницы.
Спасибо за использование сервиса ClipSaver.ru
Охана бетта 8-чу дийнахь Страсбургехь д1адехьира г1урбана денна лерина даздарш. Страсбургера а, гонд1арчу г1аланашкара а хилла ца 1аш, Швецера а, Гирманера баьхкина хьеший бара шайн берашца. Самукъне, дела делла, декха делла дара гулбеллачийн йуьхь-сибташ. Уггара хьалха, х1окху пана - махкахь шайн къома lадатех хаьдда кхуьуш долчу берашна лерина дара даздарш. Цундела дукхах болу къовсмаш а царна лерина бара. Берриге хилларг биъ къовсам бара: 1. Тортийн къовсам. 2. «Исламан серло» аьлла къовсам. 3. «Синтар» - нохчийн меттан къовсам. 4. Къоръан хаза а, нийса а дешаран къовсам. Хьалхара, шолгlа, кхозлагlа а меттигаш йаьхнчарна кечдина совг1таш дара, совг1атийн кехаташ дара. Цул совнаха, совг1таш делира нохчийн духар дуьйхина даьхкинчу берашна а. И-м хьавха, тайпа-тайпана ловзарш, мерза берийн даарш дара берашна кечдина. Боккъалла а цера де дара и, царна шайн дахарехь цкъа дицлур а доцуш. Оцу 1алашонца «Даймехкан кхерч» ассоциацис бина а бара и гулам. Бераш вайн кхане йу, церах вай биннарш кхуьур бу. Аллахl реза хуьлда дакъа мел лаьцначу вайн йижаршна а, вежаршна а. Шу ца хиллехь тхоьга х1умма а дан а лур дацара. Аллах1а вовшашна эша ма дойла вай.