У нас вы можете посмотреть бесплатно «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам баран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар. или скачать в максимальном доступном качестве, видео которое было загружено на ютуб. Для загрузки выберите вариант из формы ниже:
Если кнопки скачивания не
загрузились
НАЖМИТЕ ЗДЕСЬ или обновите страницу
Если возникают проблемы со скачиванием видео, пожалуйста напишите в поддержку по адресу внизу
страницы.
Спасибо за использование сервиса ClipSaver.ru
2025-чу шеран бекарг беттан 25-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дешаран-методикин центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам баран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар. Семинаран Ӏалашо – хьехархошна нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам барехь методически гӀо-накъосталла дар. Семинаре кхайкхина вара Нохчийн Республикин хӀора кӀоштан ишколашкара 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш волу 50 хьехархо. Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь пачхьалкхан жамӀ даран аттестаци дӀайахьар оьшуш а, мехала а гӀуллакх хилар. Ткъа иштта хьехархойн хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш а делира.